Даггара декъалдо т1едог1учу Керлачу-1442-чу-шарца !

20.08.2020

Ассаламу 1алайкум!Алхьамдулиллах1, Дала, Шен къинхетамца кхин цкъа а Керлачу шаре кхачий вай. Шен некъ болий эзар диъ б1е шовзткъе шолг1ачу (1442) шаро. Х1ара де бусалба нахана деза а, хьоме а ду--кху дийнахь Мухьаммад-Пайхамар(с.1.в.) шен асхьабашца Маккара Медента д1акхелхина.Аса даггара декъалво т1едог1учу Керлачу-1442-чу-шарца Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, иштта Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин(Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арахчу РЮФ-н Президент йолу Кадырова Несин Аймани а, цуьнан беркате доьзал а, вайн махкахой а, берриге бусалбанаш а.Мухьаррам баттаца д1адолало Керла шо, кху баттахь , Мархийн баттахь санна, марханаш кхабар деза ду. Алсамдаха деза мелехь долу дика г1уллакхаш, дика 1амалш ян еза.Сан бусалба вежарий, йижарий, кху Керлачу шарахь Аллах1а Шен къинхетам беш, могушалла лойла вайна, генабоккхийла дуьненна т1ехула кхерсташ болу ун-бала! Дала аьтто бойла массо а бусалбанан!Аллах1у Акбар!!!