Хьомсара махкахой! Мотт бацахь - къам дац.

27.05.2020

Хьомсара махкахой! Мотт бацахь - къам дац. Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо 1абдул-Хьамидан к1анта Ахьмад-Хьаьжас дукха къахьегна вайн нохчийн мотт кхиорехь, юхаденбарехь.Тахана, вайна т1ееъна чолхе хан нохчийн меттан пайдехьа ерзо 1алашонца, вайн республикански нохчийн меттан "Даймохк" ц1е йолчу газето д1акхайкхина флешмоб "БЕКАЛАХЬ, НОХЧИЙН МОТТ". Цу флешмобехь дакъалоцуш, вайн къоман сийлахьчу яздархочо, классико Мамакаев Мохьмада язйинчу "Даймехкан косташ" байтан юккъера мог1анаш доьшур ду шуна ас!